ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТΙом сецна, амма провокацеш лела



Палестинерчу лоьраша тоьшалла до, еарий дийнахь тΙом сецначу Газа-асан дозанехь Израилан эскархоша герз тоьхна вийна палестинахо бохуш. Ткъа жуьгтийн официало я бакъ а ца бо, я харц а ца бо и хилам. ХΙамасан векала Зухри Абу Самис бехке йира Израил барт бохорна. Оцу юкъанна Тель-Авивехь автобус эккхийтина, лазийна 27 стаг. И динарг Израилехь веха Ιаьрби ву боху жуьгташа.
XS
SM
MD
LG