ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иванишвилина ца лаьа Москох ваха



Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш тоеш, дийцаршка ваха резахилар дехнера хьалхо гуьржийн а, оьрсийн а политикаша Гуьржийчоьнан керла премьер-министре Иванишвили Бидзинига. Ша оцу хьокъехь къамелаш доло дуьхьал вац, амма дийцаршка гулло меттиг хуьлийла дац Оьрсийчоь, иза кхечу махкахь дан деза, дΙахьедина цо.

Цул совнаха, еарий дийнахь Тбилисехь къамел деш хаийтира Иванишвилис шен кабинет абхазой а, Цхинвалера хΙирий а пачхьалкхана тΙеберзорехьа къахьоьгуш хир ю, аьлла.
XS
SM
MD
LG