ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламан операци дIахьош ю Нохчийчохь


ШолгIа де ду Нохчийчохь Хьалха-Мартан кIоштахь тIемалошна дуьхьал хьажийна йолу тIеман операци дIайоьду. Шинарийн дийнахь Шалажана гена доццуш нохчийн тIемалоша тIелатар а дина, лазийнера Оьрсийчоьнан чоьхьарчу эскаран салтти. Иза госпиталехь ву.

ТIематасадалар хилла меттиг гоне лаьцна ю ницкъаллин структурийн белхахоша. ТIемалой схьакарабаллалц иза дIаерзор яц шаьш аьлла, хаам бина Нохчийчоьнан чохьарчу гIуллакхийн министраллан векалша.
XS
SM
MD
LG