ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхΙанистанан коьрта чекист лазийна



Асадулла Халид, ОвхΙанистанан къайлахчу сервисан куьйгалхо, лазийна Кабулехь, бомба а эккхийтина. Ιедалан лаккхарчу хьаькамо Маршо Радионе бинчу хаамца, терроран акт ю йинарг. Асадуллан хьукмато дахьедар дина иза кΙиллоша дина зулам ду, аьлла. Шен министраллехь, хьеший тΙеоьцучу чоьнаш чохь, бахархойн леткъамашка хьаькам ладоьгΙуш а Ιаш дина эккхийтар. Когаш лазийна дарбан цΙийне виллина Асадулла Халид. ТΙалибаша дΙахьедина интернетехула, эккхийтар шаьш дина аьлла.

XS
SM
MD
LG