ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теркйистехь кΙанта шен да вийна



Бена-юьртахь кΙанта топ а тоьхна вийна шен да. Вийнарг ву 65 шо долу Висангириев Мохьмад. Дийцарехь, иза шолгΙа зуда яло араваьлча вийна шен 22 шо долчу кΙанта. Вежарий а, гергарнаш а леха арабевлча, Теркан даккъашца лаьттачу цхьана ченан рогΙах доьллина карийна вийначун дакъа. Наха бахарехь, да вийначул тΙаьхьа, цуьнан дакъа даго а гΙиртина воΙ. Полицино лаьцначул тΙаьхьа шегара даьллачун къаро йина кΙанта.
XS
SM
MD
LG