Петарбухера фотографа Беленький Александра дукха хан ю оьрсийн боберийн дахарш шен тергонехь латтош долу. Тахана Пачхьалкхан Думо, Iамеркахошна Оьрсийчура бераш далор доьхкуш, тIеэцна долу низам тIаьхье йоцуш дуьсур дац оцу берашна. Эзарнаш оьрсийн бобераш верасаш боцуш диса там бу, боху берийн гIуллакхийн говзанчаша.
Оьрсийчура боберийн хIусамаш
1
Петарбухера суртдаккхархочо Беленький Александра дукха теллина Оьрсийн боберийн кхолламаш. ХIокху сурт тIехь байлахь висина жима кIант шен маьнги чохь ловзуш Петарбехехь йолчу боберийн хIусамехь. 1991.
2
БIарзлуш йолу йоI леррина спортан къийсамехь дакъа лоцуш ю. Петарбух, 2012.
3
British Council боху вовшахкетаралла яра оцу къийсамийн спонсор.
4
ДегIан сакхташ долу бобераш дара оцу къийсамехь хьуьнарш къуьйсуш.