Петарбухера фотографа Беленький Александра дукха хан ю оьрсийн боберийн дахарш шен тергонехь латтош долу. Тахана Пачхьалкхан Думо, Iамеркахошна Оьрсийчура бераш далор доьхкуш, тIеэцна долу низам тIаьхье йоцуш дуьсур дац оцу берашна. Эзарнаш оьрсийн бобераш верасаш боцуш диса там бу, боху берийн гIуллакхийн говзанчаша.
Оьрсийчура боберийн хIусамаш
5
ХIара бераш HIV инфекци йолуш ду. Уьш дукхачу декъана шайн дайш-наноша дIаделла кху берийн хIусаме. Усть-Ижора, 2002.
6
ХIара бераш а ду HIV инфекци йолуш.
7
Даунан синдром йолу бераш ду Ингалс-махкара "HMS York" хIорд-кеманна тIехь ловзуш. И экскурси леррина вовшахтоьхнера Петарбухера боберийн хIусамашкара берийн дуьхьа. 2012.
8
Даунан синдром йолу кIант "HMS York" кеманна тIехь.