ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венесуэлан президент Чавес Уго чIагIвелла


Вуочу цамгаран шад дIабоккхуш операци йиначул тIаьхьа хьал телхина Венесуэлан президентан Чавес Угон. И аьлла дIахьедар дина мехкан вице-президенто Мадуро Николаса. Цо дийцарехь, хьал чолхе далар бахьана ду, хIокху беттан 11-чу дийнахь цунна операци йиначул тIаьхьа, пехашна инфекци хилар.

Мехкан Iедалша кIиран дийнахь шайн мехкан коьртачу Каракас гIалахь дIадахьа кечдина даздарш ца хилийтира. Цара бахархошка кхайкхам бира, президент воьхуш, доIанаш де аьлла.

ХIокху шеран ГIадужу баттахь Венесуэлехь дIабаьхьначу президентан харжамашкахь рогIера толам баьккхинера Чавес Угос. Керлачу шарахь, Дечкен беттан 10-чу дийнахь оцу даржехь иза чIагIвеш церемони яра хила езаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG