ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ненан мотт хьехар маьIне доцчу боккху низам чIагIдина Путина


ХIинций дуьйна школашкахь ненан меттанаш Iамор тIедуьллучу кепехь хир дац. Цуьнца доьзначу низамана кIел кьуг таIийна оьсрийн президента Путин Владимира.
Таханлера де тIекхаччалц, шайн-шайн меттанаш долчу республикашкахь тIедиллина дара ненан мотт Iамор.

Оьрсийн маттаца цхьаьна, цуьнан статус а республикан официалан меттан статус яра. Керлачу низамо бакъо ло берийн дай-наношна церан берана ненан мотт школехь Iамо оьшу я ца оьшу. Керлачу низамо реза боцчийн акцеш вовшахтохийтинера Оьрсийчохь. Царна юкъахь ГIезалойчоь, Башкортостан, Чуваши а. Цунна дуьхьал болчара чIагIдарехь, ненан мотт Iамор лахдар сихдийр ду цу низамо.

И хаттар дийца долийнера, ГIезалойчохь бехачу оьрсаша шайн берашка ГIезалойчура школашкахь меттигера гIезалойн мотт Iамабойту аьлла, латкъамаш бича.

Нохчийчоьнах лаьцна аьлча, цу низамна дуьхьал дош ца аьлла цхьаммо а. Вуьшта, нохчийн мотт хьехар а, Iамор а тIедиллинчу кепехь дац республикехь. Эвларчу школашкахь халла юкъадаьккхинера юьхьанцара классашкахь ненан маттахь хьехар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG