ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Финансийн бохамца» йоьзна ситуаци юхатухуш долу низам тIеэцна Iамеркан Конгрессо



Хьал долчу Iамеркахошна Iедална яла еза ял алсамйоккхуш долу низам тIеийцира, вице-президентана Байден Джона а, Сенатерчу республиканхошна а юкъахь дехха дагадовларш лаьттинчул тIаьхьа. Президенто Обама Барака кхайкхам бина сенаторшка, «хьем ца беш» хьал долчу Iамеркахошкара оьцу ял алсамъйоккхуш долу низам къобалде, аьлла.

Къоман векалша тIаьхьуо йийцаре йийр ю низаман проект. Оццу хенахь, пачхьалкхан харжаш лахъяр шина баттана тIаьхьатоттуш ду. Демократахой, республиканхой реза хилла, шаьш оцу ханна юкъахь кхин а шуьйрачу бартах лаьцна кхин а дагадовларш дан.

Iамеркан Конгрессан лахара хIусаме – къоман векалшка шен хенна тIеэцалур дац низам. Амма пачхьалкхан экономикина цуьнга тIеIаткъам балур бац, аханлера де Iамеркехь мукъа де хиларна. Буш Джордж президент волчу заманахь хьал долчу нехан Iедална яла еза ял жимъеш тIеэцначу низаман хан чекхяьлла Дечкен бетан хьалхарчу дийнахь.

Оршот дийнахь бинчу бартаца а догIуш, шарахь 400 эзар долларал лахара ахча доккхучу Iамеркахойн ял лакхайоккхур яц. И терахь 250 эзарна тIедалон гIерташ бара демократаш.

Аналистийн хьесапехь, Конгрессан цу низамана тIехь барт ца хиллехь, оьцуш ен харжаш лахлур яра пачхьалкхехь. Ткъа цо, шен агIора, керла рецесси кхуллур яра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG