ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тахана дуьйна оьрсийн буобераш Iамеркахойн доьзалшка дигалур дац



Тахана дуьйна болх бан доладелла оьрсийн буобераш Iамеркахойн доьзалшка дIадалар доьхкуш долу низам
Дукха критика еш лаьтташехь, юрист Магнитский Сергей 2009 шарахь валарна куьг бехке хетачу оьрсийн стоьландайшна санкцеш йохучу Iамеркан «Магнитский актана» дуьхьал ГIуран беттан 21 дийнахь сихъелла и низам тIеийцира оьрсийн пачхьалкхан ДУМано.

Федерацин Кхеташоно низам къобалдира ГIуран беттан 26 дийнахь. Цул тIаьхьа ши де даьлча цунна кIел куьг таIийра оьрсийн президенто Путин Владмира.
Бераш къастош йолу агенталла дIакъовлар а, кхиазхой доьзалшка баларца боьзна Iамеркан-оьрсийн барт бохор а тIедуьллу низамо.

Низамо иштта доьхку, политикица йоьзначу Iедалх йозуш йоцчу организацешна Iамеркан паспорт долчу нахана куьйгалла дар а.

Визанашца, финансашца, доларчу бахамца а йоьзна санкцеш йоху керлачу низамо, Москохан хьесапехь, оьрсийн бакъонаш талхочу Iамеркахошна дуьхьал.
Керла низам тIеэцар бахьанехь, кхелан сацаме хьажар бен, кхин дерг ша дериг кийча хилла 46 оьрсийн бер Iамерке дIа ца доьдуш дисна. Оццу хенахь, низам тIеоьцу юкъанна, кхел сацам бан кхиина 6 бер шаьш тIеоьцучу Iамеркера доьзалех дIакхетар ду.

Низам тIеоьцучу хенахь хаза нехан критика йира юкъараллин векалша, адамийн бакъонашларъярхоша. Иза емалдинчарна хетарехь, Iамеркахошна хаа а лур дац низам. Оьрсийн буобераш дуьсур ду байлахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG