Махкахойн тIемашна тIера Iаламан бохамашна а, Олимпан триумфашна тIекхаччалц. 2012 шо билгалдаьхна суьрташ
2012 шо суьрташкахь

1
Белградерчу Сава хи тIехула тесна керла тIай Ада. ГIуран беттан 31 дийнахь, сарахь. (AFP/Андрей Исакович)

2
Кабулехь Насир Хусрау Балхин библиотека схьайоьллучу церемонехь ОвхIан махкара суртдиллархо а, цуьнан дешархой а бу КIуръанан йоккха агIо схьайоьллуш. (AFP/Шан Марай)

3
ГIажарийн Iилманча Мостафа Ахьмад Рошан дIавуллуш. Дечкен беттан 13 де. Рошан вийнера мотоцикл тIехь хиллачу шиммо. Меллаша йоьлхучу машенашна юкъахь ТехIранечу урамехула иза воьдуш, магнитца иза тIехь хиллачу машенна буха оьккург йоьллинера. (AFP/Атта Кенаре)

4
Круизаш еш долу "Коста Конкордия" хинкема Италерчу Дилио гIайренна уллехь. Дечкен беттан 16 дийнахь даьккхина ду сурт. Оцу беттан 13 дийнахь тIулган рифах кхетта, Iуьрг даьлла, хаьрцинера иза. (AFP/Филиппо Монтефорте)