ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсафзай Зиявди Бирмингемехь Пакистанан векал хир ву дешаран хаттаршкахула


ТIалибаша герз а тоьзна лазийначу Пакистанера 15 шо долчу йоьIан Юсафзай Малалин дас хIинца дуьйна дипломатан болх бийр бу.

Цу хьокъехь сацам тIеэцна Пакистанан Iедало. Юсафзай Зиявди Ингалс махкарчу Бирмингемехь пакистанан Iедалан векал хир ву дешаран хаттарш къастош.

Даханчу шеран ГIадужу баттахь герзах чов хилла йолу Малала Бирмингера цхьана дарбан цIийнахь ю. Зудаберашка дешийтарехьа дIахьедарш дарца евзаш йолу жигархо ю иза.
XS
SM
MD
LG