ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Париев, хьо вала хlунда ца ле?


Советан пачхьалкх -- къиза дайинчу адамийн мачаш хlинца а ю Гулагерчу цхьана Бутугычаг цlе йолчу лагерехь lохкуш, Гlу1989
Советан пачхьалкх -- къиза дайинчу адамийн мачаш хlинца а ю Гулагерчу цхьана Бутугычаг цlе йолчу лагерехь lохкуш, Гlу1989

Нохчийн актрисина Багалова Зулайна ларамаза карадаьхкинера Бексултановн дийцарш. Масех уьш дешначул тIаьхьа ойла кхерстира коьрте - кIезиг йоьшу вай вешан яздархойн книгаш.

Юьззина интервьюга аудио-версехь ладогIа.

Казахстане а, ГIиргIизойчу а дIахьовсийначехь I3 шо даьккхича кIезиг нохчий берзабелла шайн хиллачу хIусамашка. Таро хиллачара ахча а делла, юха а эцнера, цIерабахале шаьш чохь Iийна хIусамаш.

Дерриг къоман хIинца а Iийжаш, лозучух лаьцна яздина нохчийн яздархочуо Бексултанов Мусас.

Багалова Зулай: «Дуьххьара аса ешнарг "ТIаьхье воцу цIа" яра. ТIаьхье воцу цIа бохург - вай Сибрех дIадахийтича вай цIенош кхечу къаьмнашна дIаделлера.
Нана, да дала а делла ша хьалакхиочу кIентан кIанте дедас юх-юха а дуьйцуш хилла гIали чохь дисина цIенош. Цу уьйтIа доьгIна кхо баIар.

Сибрехара цIавеъча - денда велла - ша студент волчу хенахь, цу цIеношна уллехула волу гуттар а керта хьоьжуш хилла иза кевнан Iуьргехула.
"Мацца цкъа оьцур ду ша хIара цIа" бохуш ойла еш хилла цо. "Продаётся" аьлла яздича, оцу керта лела волавелла иза.»

Маршо радио: ХIора а доьзалехь ала мегар долуш, хезна хир ду баккхийчара шаьш даьхначу, Советан Iедало хийра нах чу ховшийначу хIусамех лаьцна. Дукхах берш белла, шайн дай баьхначу хIусам чуьра ца гуш.

Багалова Зулай: «Сан марнанас дийцара соьга (шайн хиллачу) цIенойх лаьцна. I0 чоь йолуш хIусам хилла иза, веранда а йолуш. Цу тIехь хIиттийна тускарх дина гIанташ долуш. Кест-кеста йоьдуш хилла иза царга кевнан Iуьргехула хьажа. Массо а веллера цуьнан - бераш, сан цIийнда воцург. Майра, политикан тутмакх вина, генна дIахьажийнера. Гергарнаш беллера... Ша яра иха, цхьа а ца висинера цуьнан.»

Советан пачхьалкх -- Кlайчу хlурдан тlехь - Балтик канала тlехь - белхаш беш бу Гулаган тутмакхаш
Советан пачхьалкх -- Кlайчу хlурдан тlехь - Балтик канала тlехь - белхаш беш бу Гулаган тутмакхаш
Маршо радио: Нохчийн яздархочо Бексултанов Мусас Iаламат дика яздина Сталинан заманахь ЦIечу Эскарехь фашистех леттачу нохчашна йинчу репрессех лаьцна. Цунах лаьцна ду яздархочуьн рогIера дийцар.

Багалова Зулай:
"Крест бухта" бохуш, Магадан, Тайшан... Гулаг хилла-кх и нах дIабохуьйтуш. Бехк боцу нах хилла цигахь дукхах берш. Бехк берш-м дика Iаш хилла набаштешкахь. Бехк боцурш хилла хьийзош берш.
Оцу "Крест" бухте дIавахийтина и Алхаст.

Оцу Алхаста лайнарг... Хаза нехан санна чIогIа чекхваьлла иза фашисташца хиллачу тIамехь. И майра хIунда ву, вала хIунда ца ле бохуш, командиро дукха хьийзина иза. Цуьнан и дийцар деша деза. Оьрсийн матте а даьккхина иза, делахь а, нохчийн маттахь чIогIа яздина ду...

Алхаст дIахьажийначу набахтера цхьа а дийна стаг юха ван йиш йоцуш хилла. Ха деш болу цигара салтий а хIорш бойуш хилла. ТIаьххьара, велла воцуш, дийна воцуш, хIара Iуьллуш Iаш, улле цхьа салти охьахиина (декъий схьалехьош хилла иза) махорка оза. Iункара Iуьлллучу Алхастан кисанахь хIумма а юй хьажа куьг хьаькхча, хIара вовха карийна цунна. Госпиталесь самаваьлла иза. ГIорийна хилла чIогIа. ГIораа беш леш хилла цигара нах. Царна бала лууш а хилла. Оццул Iазап ловш хилла цара.

Цигахь цхьа немцо лор хилла, цо аьлла Алхасте вайнах цIерабаьхна хиларх. "Хьол а хьалха 6 нохчо вара кхузахь. Уьш и дIо ийтсах баьхна, хIордан йистехь тоьпаш йиттина, чу кхийсина" аьлла.
Тхан немцой а бойуш бу. Оьрсийчура немцой хилла уьш. Ша лор волун дера дийна висна, аьлла цо. Амма ша вуьйр вуй хаьа шена, аьлла цо. "Цхьа стаг мукъа а хIокху махкара аравалийта лаьа шена, ша мехий деттар ду хьуна. Ахьа аса аьлларг дан деза" аьлла. Ур-атталла, цигахь дIаволла а кхераме ву аьлла, дIахьажийна цигара.»

Маршо радио: Оцу дийцарехь дагах кхеташ дерг ду, къемат де, дийна воллушехь лайна стаг велха хIоьттина бахьана.

Багалова Зулай: «ТIаьххьара Iаьткъинарг хIун дара Алхастана... Казахстане воьдуш эшелонна тIе цхьа сагIа доьхург чу ваьлла. "Схьавола, аса лур ю хьуна," аьлла тIекхайкхина цо иза. Тонка хилла хIокхуьнгахь, сухар хилла. Лакха тIехь хиина Iаш хилла иза. ДIахьаьжча, шайн юртара Макшарип вевзина цунна.

"Макшарпи! Машарип" - аьлла мохь баьлла цуьнан. Алхастан эвлара хилла бехаш хиллачу нехан. Вукхунна хIара а вевзина. "Алхаст" Алхаст" аьлла иза а вилхина. СагIа доьлхуш шен эвлахо гича холчу хIоьттина иза хаза нехан санна.

"Хьан вала хьайн дай-ваший, Дела вала хьан хьайн дай-ваший. ХIокхучу къизачу 8-9 шарахь сох кхета кхуза кхаьчначу!"
И тIаьххьара оцу меттехь... со суо а Iийна йолун дела цу меттигехь, цкъаа сагIа доьхуш нохчо сайна ца гина дела, чIогIа цунах кхийтира со."

Советан пачхьалкх - Гулаган тутмакхаш леррина тужуркаш лелош хилла букъа тlехь шен терахь долуш. Сурт маца даьккхина хууш дац
Советан пачхьалкх - Гулаган тутмакхаш леррина тужуркаш лелош хилла букъа тlехь шен терахь долуш. Сурт маца даьккхина хууш дац
Маршо радио: Тамашийна хеталахь а, яздархочуьн турпалхо волуш ву хIинца а.

Багалова Зулай: «Дукха йилхира со оцу меттехь, дог доьхна. Аса Мусага телефон тоьхна хаьттира «Муса, оцу хьан дийцаран турпалхо... волуш вуй иза? – аьлла. "Иза-м оцу метта дIа Iаш ву, дийна а ву" элира соьга Мусас. 92 шо а долуш, хIинца а дийна ву иза.

Оццул лагершкахула чекхваьллачу стагана, хIинцца дIахьаьжча, Iедалша цунна дина цхьа а совгIат хир дац. Цунна йогIург цхьа хIума елла хир яц. ТIаккха, цунна а, и санначарна а дан гIо сан а дац. Даиманна а исаннарш дагахь бохку..."

Маршо радио: Елла, елла Париевна Нохчийчура Iедало жигули-тайппа машен. Амма, таханлерчу дийнахь тIекхуьучу чкъурана майрра масаллина хIоттон мегар волу стаг, шен 92-чу шарахь кхин ца эшна къомана а, Iедална а.

Цул сов, Бексултановс яздина дийцарш, Париев Алхастах дерг а цхьана, Москох зорба тохийта хьаьжча, нохчийн-оьрсийн доттагIалла дохорна кхераме а лерина, юхатоьхна. Делахь а, немцойн маттахь уьш зорбане девлла.
XS
SM
MD
LG