Индин пачхьалкхан прокуроро дIахьедар дина, ерриг пачхьалкхехь яьккхина ца Iаш, дуьненахь а гIовгIа яьккхинчу зуламах лаьцна - Делехь къиза йоI хьйизиначу студенташна дуьхьал даха тоъал тоьшаллаш ду, аьлла. Даханчу шарахь ГIуран беттан 16-чу дийнахь уллехь жимастаг а волуш йогIуш яра и йоI, царна тIелатар деш.
Ялхаммо хьийзиначул тIаьхьа, шена хиллачу чевнех еллера 23 шо хилла жима зуда. Кхеле озийна пхи жимастаг бехке веш ву зуда эвхьаза хьийзорна а, ерна а. Царна байа кхел кхайхон а мега. ЯлхолгIаниг хIинца а 18 шо кхаьчна вац. Велла дIаваллалц набахте хьажон там бу иза.
ТIедогIучу оршот дийнахь кхелан хьалхарчу ладогIаршка хIитта безаш бу уьш.
Жимачу зудчунна уллехь хиллачу жимастага динчу тоьшаллшца, тIехбовлуш хилла нах орцах ца бевлира царна. Ткъа полици, лелла ца ялара, шен хенна, чевнаш хилла йоI лоьрийн кара лучу хенахь.