ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пакистанан эскархо вийна Кашмирехь


Пакистанан эскаран буьйранчалло дIахьедар дина, Индин эскархоша герз а тоьхна, шайн салтти вийна аьлла. Иза кхоалгIа стаг ву кху тIаьхьарчу пхеа дийнахь вийна волу цу шина пачхьалкхао къуьйсуш йолчу Кашмир олучу регионехь.

Пакистанан Армин зорбанан секретаро чIагIдарехь, церан эскархо вийна цхьа а бахьана а доцуш, Кашмирехь йолчу Баттал-секторехь постехь лаьтташ волуш. Цкъачунна тидам а ца беш дитина и дIахьедар Индино.

Заррат герз долу и ши пачхьалкх вовшашна бехкаш дохку ю цу регионехь герзаш детташ хиларна.
XS
SM
MD
LG