ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курдийн кхо жигархо йийна Парижехь


Парижехь йийна курдийн къомах йолу кхо жигархо. Церан декъий карийна Францин коьртачу гIалахь йолчу Курдийн институтехь. Йийна йолчу кхааннах - Джансыз Сакине - ю Курдийн белхан парти кхоьллинчерах цхьаъ. Цу партино доьхург ду Туркойчоьнан Iедалшка цу мехкан къилба-малхбалехь курдийн автономи кхоллар.

И зударий байаран бахьана хууш дац. Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Вальс Мануэла дIахьедар дина, хилларг хилийта йиш йоцу хIума ду аьлла.

Дукха хан йоцуш туркойн Iедалша дагадовларш дIадолийна, валлалц аьлла хан а тоьхна, чувоьллина волчу Курдийн белхан партин куьйгалхочуьнца Оджалан Iабдуллица. Цу дагадовларийн Iалашо ю курдийн тIемалойн тобанашка герз охьадиллийтар.

Туркойчоьно а, Iамерки Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а терроран лоруш ю Курдийн белхан парти.
XS
SM
MD
LG