ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амнистех лаьцна низам болх бан доладелла Гуьржийчохь


Гуьржийчоьнан парламентан спикеро Усупашвили Давида куьг таIийна кху деношкахь президенто Саакашвили Михаила тIе вето йиллинчу амнисти хьокъехь долчу низамна. Цуьнан проект тIеэцнера парламенто стохка ГIуран-беттан 21-чу дийнахь.

Цу низамца а догIуш, гергарчу деношкахь набахташкара маьрша воккхур волуш ву 3 эзар гергга стаг. Цу юкъахь ву депутаташа политикан тутмакх лоруш волу 190 стаг а.
XS
SM
MD
LG