ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемало вийна Дагестанехь


Терроран тобанна юкъахь хилла тIемало вийна шаьш аьлла, дIахьедар дина Дагестанан Iедалша. Цара чIагIдарехь, иза федералан лехамехь хилла. И стаг хаавелла хилла кхерамазаллин ницкъашна ХIинж-гIалина уллехь йолчу Керла Хаушет олучу меттехь.

ТIемалочо, дуьхьал герз а тоьхна, вийна лерринчу тIеман тобан цхьа декъашхо. Кхин цхьаъ чевнаш хилла ву. Хьалхо Iедалша хаам баржийнера, шаьш гоне лаьцна ши стаг ву аьлла.
XS
SM
MD
LG