ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тхайн цIахь ду оха ден хелхарш!"



Ставрополан Ленинан кΙоштан кхело хьалхо полицино кавказхойн хелхар дарна лаьцна хиллачу веаннах – уьш кхо ву аьлла бара хьалхо хаамаш - цхьанна чохь кхаба ши бутт кхайкхийна шоьтан дийнахь.

Ши де хьалха мехкан шахьарахь, «Мажор» олучу хелхаран цΙенна гергахь совцийнера кавказхой, цара хелхар а дина, цул совнаха и деш травматикан тапча а кхийсина, аьлла. Цхьаъ ши кΙира даккха лаьцна ву, кхечунна 15 бΙе туьма гΙуда тоьхна.

«Тхоьгара хΙумма а ца даьлла, тхо тхайн цΙахь, Кавказехь ду, оха Москох а ца дина и хелхар. Нахана оха новкъарло йинехь, уьш тхуна кΙинтΙра бовлийла, амма Ιедална хьалха тхо бехке дац» -элира лецначех цхьамма, хаам бо «Оьрсийчоь» телехьожийло.
XS
SM
MD
LG