ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша верна кхоьруш ву оппозицин векал Развозжаев Леонид


Оппозицин векал Развозжаев Леонид чуволларан хан яхъяр низамехь лерина Москох гIалин кхело. Оцу кепара юхатоьхна цуьнгахьа болчу адвокатийн дехар. Кхелан кхеташонехь Развозжаевс дIахьедар дира, ша верна кхоьру ша.

Таллам дIабахьа Иркутске вигина ву Развозжаев. Цигарчу СИЗОра видеозIенехула дира цо шен и дIахьедар.

Цо бахарехь, могашалла кхоччуш гал а яьлла, меттахь ву иза. Москохарчу Болотная майданахь Стигалкъекъа беттан 6-чу дийнахь хиллачу къепедацаршкахь дакъа лаца лацар доцург, цунна бехке диллина кхин а кхо зулам.
XS
SM
MD
LG