ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан куьгалхо хийцина Путин Владимира


Дагестанан куьйгалхо Магомедов Мохьмадсалам хенал а хаьлха шен даржах мукъаваьккхина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Цо тIе куьг тайиначу Указанна тIехь билгалдоккхуш ду Магомедов цу даржера шен лаамахь дIаваьлла хилар.

Цхьана ханна Дагестанан кьуйгалхочуьнан декхарш кхочуш дийр ду «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат волчу Абдулатипов Рамазана.

2010-чу шеран Чиллан-баттахь дуьйна Дагестанан куьйгалхо хилла Магомедов Мохьмадсалам хIоттийна Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочуьнан когаметта. Цхьаболчу зорбанан гIирсаш дийцарехь, Магомедов даржера дIаваккхаран цхьа бахьана хила мега, иза реза воцуш хилла хилар, республикехь, маьрша адамаш а дойуш, зачисткаш дIаяхьарна.
XS
SM
MD
LG