ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гонгадзе верна бехке вина Пукач


Валлалц чохь яккха хан тоьхна Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан арахьара тергам баран департаментан куьйгалхо хилла волчу Пукач Алексейна. Иза бехке вина журналист Гонгадзе Георгий верна. Адвокато дIахьедар дина цу сацамна латкъам бийр бу шаьш аьлла.

Украинера оппозицин журналист вийнера 2000-чу шарахь. Цуьнан бахьана дара цо коррупцех лаьцна зорбане йохуш хилла материалаш. Гонгадзе верна юкъахьакхийна бара Украинан лаккхарчу даржашкахь хилла болу нах, шайна юкъахь президент Кучма Леонид а волуш.
XS
SM
MD
LG