ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалошна гIо дарна чувоьллина нохчийн бизнесхо


Нохчийчурча лаккхарчу кхело, 3 шо хан а тоьхна, чувоьллина меттигера бизнесхо Шамсаитов Ислам. Цунна бехке диллинарг ду тIемалошна ахчанца гIо дар.

Талламхоша чIагIдарехь, стохка Гезгамашин-баттахь Шамсаитовс 35 эзар сом делла хилла вежарша ГакаевгIара Хьусайна а, Муслима а куьйгалла дечу тобанна.

Суьдо бинчу сацамца, 26 шо долу бизнесхо дохко ваьлла хилла ша иза дарна. Цундела 3 шо а тоьхна витина иза суьдхоша.
XS
SM
MD
LG