Мисаран куьйгалхочуьнца Мурси Мухьаммадца КъахΙирехь цхьанакхетта ГΙажарийчоьнан президент Ахьмадинежад Махьмуд. Иза духхьара ду шина махка юккъехь тΙаьххьарчу 30 шера чохь. Церан къамел доладелла Шемахь Ιена цΙий, арахьара ницкъаш юкъа а ца ийзаболуьйтуш, муха сацор дара бохучунна тΙера. ГΙажарийчоь Ιедалехьа, Асад Башарехьа ю, ткъа Мисаро юкъаметтигаш латтайо Шемарчу гΙаттамхошца. Мисарой, ГΙажарийчоьной гергарлонаш хедийра Израилца Мисаран куьйгалхоша машаран барт язбинчул тΙаьхьа, 1980-чу шарахь.
Ахьмадинежада дакъалоцур ду КъахΙирехь 3 дийнахь лаьттар йолчу Бусулба пачхьалкхийн организацин кхеташонехь.