ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан дагадовларех бIо булуш вац Хаменеи


ГIажарийчоьнна лаккхара лидер волчу Аятолла Хаменеи Iелас юхатоьхна Iамеркан вице-президенто Байден Джос нийсса дIа дагадовларш де аьлла, бина кхайкхам.
Еарин дийнахь хIаваан ницкъийн эпсаршца къамел деш Хаменеис элира «оцу тайпа къамелаша хIумма а къастор дац».

ГIажарийчоьнан заррат программа йийца а яьккхира, ерзон езара аьллера даханчу кIирнахь Байдена, ша Мюнхенерчу кхерамазаллин конференцехь вистхуьлуш.
Шен заррат программин маьрша Iалашонаш ю бохуш чIагIдо ТехIрано. Амма Iамерка а, Европа а, иза заррат герзашна тIекхача гIертарна бехке йо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG