ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маситта эккхийтар дина Иракъехь


Мел лаххара а 35 стаг вийна Иракъехь ,шиIаташ бехачу кIошташкахь терроран тIелетарш а дина. 95 стаг чевнаш хилла ву. Иштта ши машен эккхийтина БагIдадехь,гIалин юккъехь. И бахьана долуш вийна 19 стаг, 42 лазийна. Цу тайппа шалха теракт йина ХIилла олучу гIалахь а. Цигахь вийна 13 стаг, 53 чевнаш хилла ву. Кхо стаг а вуьш, кхин цхьа эккхийтар дина Карбалехь а.

Iедалшна и тIелетарш динарш сунниташ бу аьлла хета, шиIат волчу премьер-министран Ал-Малики Нурин Iедал дохо гIерташ болу. Цу стага махкахь къезиг болчу суннитийн бакъонашна эшам бо аьлла хета гIаттамхошна.
XS
SM
MD
LG