ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кандидатана Айрикянна тIелатар дина ши стаг лаьцна Ереванехь


Эрмалойчоьнан президентан харжамашкахь кандидат волчу Айрикян Паруйранна тIелатар дина аьлла, ши стаг дIалаьцна Ереванехь. Цуьнах лаьцна хаам бина цу махкарчу къоман кхерамазаллин сервисо. Цуьнан векалша дийцарехь, дIалецначех цхьаъ ву наркотикаш лелийна аьлла чувоьллина а хилла волу 47 шо долу Погосян Хачатур.

И зулам даран бахьанаш къастош ду. Айрикянна тапча йиттинера баханчу беттан 31-чу дийнахь Ереванехь, гIалин юккъехь. Шена чевнаш яр бахьана долуш кандидато дехар дина Конституцин кхеле махкара президентан харжамаш тIаьхьаттахьара аьлла. Президентан харжамаш хила безаш бу Эрмалойчохь кху беттан 18-чу дийнахь.
XS
SM
MD
LG