ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбургерчу кхеле латкъам бина Оьрсийчура бакъонашларъярхоша


Оьрсийчура адамийн бакъонашларъярхойн 11 организацино латкъам бина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле коммерцица йоьзна йоцу организацеш хьокъехь долу низам бахьана долуш.

Бакъонашларъярхошна хетарехь, цу низамца а догIуш, церан кхечу пачхьалкхийн агенташ санна регистраци ян дезаро йохош ю цхьамоггIа адамийн бакъонаш. Цул сов, цу низамо йоха йо адамийн бакъонаш ларъярехула йолу Европан конвенци а.

Адвокаташ дийцарехь, нагахь Страсбургерчу кхело шайн латкъам схьа ца эцахь, уьш чекх бевр бу массо а Оьрсийчурча кхелехула. Таккха цара юха а латкъам бийр бу Европерчу Кхеле.
XS
SM
MD
LG