ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МаслаIате кхайкхина Саакашвилис


ПIераскана дийнахь Тбилисерчу Къоман библиотекина хьалха акци дIахьош дакъалаьцна волу 3 стаг дIалаьцна полицино. Царна бехке диллинарг ду оппозицин партин цIарах болчу депутаташна тIелатар дар. Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбан сервисо чIагIдарехь, и дов даьккхинарш хилла хьалха Iедалехь хиллачу «Къоман цхьааллин болам» цIе йолчу партин агIончаш.

ПIераскан дийнахь Къоман библиотекехь къамел дан дезаш вара Гуьржийчоьнан президент Саакашвили Михаил. Цунна новкъарло ян гIоьртира масийтта бIаь цуьнан дуьхьалонча. Царна юкъахь бара, политикан тутмакхаш бу аьлла, дукха хан йоцуш маьрша баьхна болу нах а.

И бахьана долуш президенто халкъе къамел дира шен резиденцера. Саакашвилис кхайкхам бира керлачу министрийн кабинете а, парламенте а цхьамогIа хаттаршкахула маслаIат кара дайта аьлла.
XS
SM
MD
LG