ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин цкъа а заррат герз зийна Къилбаседа Корейно


Шинарин Iуьйранна Соьлж-гIалара хенаца 7 сахьт даьлча кхоалгIа заррат герз зийна Къилбаседа Корейно. «И аьлла хаам бина Къилба Корейно», бохуш Цхьаьанакхетачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеашонера хьостана тIе а тевжаш дийцина Ройтерс агенталло. Цул тIаьхьа масех сахьт даьлча ша Пхеньяно а тIечIагIдина иза.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Геологийн сервисан хьесапца, цхьа чаккхарма лаьттан бухахь мохк бегоран ницкъ Рихтеран бустамца 5,1 бара. Къилбаседа Корейн коьртачу Пхеньянна 378 чаккхарма генарчу, Килджу провинцехь туп тоьхначу Пунге-ни заррат полигонехь дIадаьхьнера зераш.

ТIехьовсархоша дийцарехь, цу полигонехь шозза дIадаьхьна цу тайпа зераш – 2006-чу а, 2009-чу а шерашкахь.
Къилба Корейн тIеман министраллин хьесапца иттех килотонн ницкъ болуш дара заррат эккхийтар. Къилбаседа Корейно дина заррат зераш дийца, Сеулехь сихонца вовшахтухуш ю Къоман Кхерамазаллин Кхеашо. Иштта Сеуло Цхьаьанакхетачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеашоне дехар дина и хаттар дийцар де, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG