ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла йохка-эцаран барт кхуллуш ю Вошингтон а, Брюссел а


Европан Барто а, Цхьанатоьхначу штаташа а дIахьедар дина шаьш дагадовларш долош ду транс-атлантикан маьрша йохка-эцаран барт бан Iалашонца, аьлла. Товбецан бутт болабале хила дезаш ду дагадовларш.

Брюссело а, Вошингтоно а билгалдаьккхина и барт шина шарахь чIагIбина яла дагахь ю, аьлла. Шина агIонан экономикан гергарлонаш, хIокху дуьненахь хIинцале долчех уггар а доккхачех ду.

Оцу барто дуьненахь уггар йоккха йохка-эцаран зона кхуллур ю аьлла, Европан Бертан Комииссин президенто Баррозу Жозе Мануэла. Iамеркера хьал дуьйцуш ша динчу рапортехь, Iамеркан президенто Обама Барака а элира, оцу барто гIортор йийр ю «миллионаш дика ахча лур долу Iамеркан белхаш кхолла».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG