ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буданов веран гIуллакх къасточу кхелера бехк-къасторхойн тоба дIасахецна


Москох-гIалин кхело дIасахецна полковник хилла Буданов Юрий веран гIуллакх къасточу кхелера бехк-къасторхойн тоба. И сацам, масех бехккъасторхо цомгуш хиларна, кхелан кхеташонашка, ца вогIуш хилар бахьанехь бина бу.

Керла тоба Зазадоккхучу беттан 18-гIа де тIекхачале вовшахтухур йолуш ю.
Буданов верна бехке веш, кхеле озийна ву Нохчийчура вахархо Темерханов Юсуп. Оьрсийн эскархоша шен да вен а вийна, вагорна духьала бекхам беш вийна цо иза боху, бехк буьллучу агIоно.

«Тешашна Буданов вийначу меттехь гинарг кхин стаг ву. Талламхоша, Темерхановс лелийна ю бохуш юьйцу машен – харц машен ю бохуш чIагIдо», цуьнан адвокаташа. Кхелехь гайтинера цу машенан пачхьалкхан номер. Цуьнан метта ша машен гайта аьлча, кхелахо дуьхьала ваьлла. Цул сов, бакъонийн органаша масех дийнахь къайлаваьккхина лелийна коьрта теш а, кхаъ белла эца гIиртинера аьлла, бехк биллина Мусаевна тIе.

2003-чу шарахь Буданов Юрий бехке карийнера нохчийн йоI Кунгаева Эльза лачкъа йина, ерна. Шена кхайкхийна итт шо дуьззина чохь ца доккхуьйтуш, иза хенал хьалха маьршаваьккхинера. 2011-чу шеран Мангал баттахь вийна Москох.
XS
SM
MD
LG