Кху деношкахь маьрша адамаш лечкъорна а, ницкъаллин структурийн белхахоша лелочу харцонашна а дуьхьал митинг хилира Дагестанан коьртачу шахьарехь ХIинж-гIалахь. Юстицин министралла дуьххьара дуьхьал яра и акци дIаяхьа бакъо яларна. Амма тIахьо и бакъо елира митинг вовшахтоьхначу юкъараллин жигархошна. Цигахь дакъалоцуш бара полицин а, къайлахчу сервисийн а белхахоша лецна байъинчу нехан гергарнаш а, ницкъаллин структурийн белхахоша, бехк а боцуш, хьизийна нах а, юкъараллин жигархой а, могIарера бахархой а. Маршо Радионан суьйлийн редакцин корреспонденташ Хьаьжиева Зульфия а, Юсупов Ашахан а, МухIамадов Закир а хилира цу акцехь. Цара даьхна сурташ ду хIорш.
Адамаш лечкъорна дуьхьал митинг хилла ХIинж-гIалахь

1

2
Митинг дIахьош вара ГIизлар-гIалара кегийрхойн вовшахтохараллин декъашхо Мухьамадов Билал.

3

4