ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Метеоритийн догIа деана Челябинск кIоштахь


Метеоритийн догIа деана Челябинск кIоштахь. Оьрсийчура Iедалийн хьесапехь, исс бIене шовзткъе иттане кхаьчна лоьрашка гIо деха баханчу нехан терахь. Царна юкъахь 159 бер а ду. Ткъе иттех стаг дарбан цIийне охьавиллина.
Уггар дукха нахана зе динарш, аьттачу коран бIаьргийн аьнглеш ду. Метеорит эккхаш лилхина ду уьш.

ХIинца шех Челябинскера болид олуш болу, космосера чхар чубоьжна меттиг шоьтан дийнахь талла йолор ю. Уралерчу федералан университетера метеоритийн Iилманчийн леррина экспедици хьажош ю цига.

Челябинск кIоштан Чохьарчу ГIуллакхийн министраллин урхаллин сайто яздина, метеорит чуйоьжначу, Чебаркуль Iомана уллехь кегий онда, тIулгийн тайпа андий аьхкаш карийна, аьлла.
XS
SM
MD
LG