ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхи стаг вийна Пакистанехь


Мел лаххара а 5 стаг вийна Пакистанехь, Пешевар-штатехь, полицин барзакъ доьхна хиллачу тIемалоша тIелатар а дина. 7 стаг чевнаш хилла ву. Меттигерчу Iедалша дийцарехь, герзаца хиллачу наха тIелатар динарг яра Хайбер-кIоштан куьйгалхочуьнан штаб-хIусам.

Цу хенахь цу чохь цхьаьнакхетар дIахьош хилла Iедалан векалш а, меттигерчу тайпанийн къаной а. Маршо Радион корреспонденто бинчу хаамца, вийначу 5 стагах 4 эскархо ву.
XS
SM
MD
LG