ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

24 сохьтана болх охьатесна Би Би Си-н белхахоша


Лондонехь а, Бирмингемехь а кхин а масийтта Британерчу гIаланакахь а 24 сохьтана болх охьатесна Би Би Си-корпорацин белхахоша. Уьш реза бац шайн накъостий балхара дIабохуш хиларна. И акци бахьана долуш йохийна радиопрограммийн а, телепрограммийн а кеп а, график а. И акци вовшахтоьхна Къоман журналистийн барт олучу вовшахтохаралло.

Би Би Си-н оьрсийн сервисан директоран декхарш кхочуш деш волчу Дэйви Тима бинчу хаамца, цу корпорацин куьйгалхой лууш бу балхара дIавоккхуш волчу 30 журналистана кхечанхьа болх каро. Амма массарна а гIо дан аьтто хир бац аьлла хета цунна.
XS
SM
MD
LG