ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дицдан йиш йоцу Чиллан-беттан 23-гIа де


Чиллан-беттан 23-чу дийнахь 69 шо кхаьчна нохчий а, гIалгIай а, цIера а баьхна, Сибареха а, Юккъерчу Азе а, Казахстане а хьовсийна. Цу денна хьажийна цхьамогIа акциш хилла ГIалгIайчохь, маьждигашкахь белларш дага а лоцуш. Нохчийчохь официала кепара и бохам Чиллан-беттан 23-чу дийнахь буьйцуш бац.

1944-чу шарахь Сталинан омрица ах миллион сов болу нохчий а, гIалгIай а махках бехира, ткъа Нохч-ГIалгIайн (ЧИАССР) республика дIаяьккхира. Ах сов махках баьхна вайнах кхелхира. Нохчий а, гIалгIай а цIа бирзира 1957-чу шарахь, 13 шо махках баьхна даьккхинчул тIаьхьа.
XS
SM
MD
LG