ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карзай къийсало Альянсан эскаршца



Атлантикан тΙеман альянсан ОвхΙанистанерчу дакъойн пресс-секретара дΙахьедина, пачхьалкхан Ιедалша бух а боцуш бехке до эскарш, уьш бухарчу нахаца къиза ду бохуш, аьлла. Вардак-кΙоштахь Ιаьмеркан ницкъаша нахана гΙело йо аьлла даржийра деношкахь ОвхΙанистанан векалша. Президента Карзай Хьамида Ιаьмеркан ницкъаш декхаре бина Вардак-кΙоштара шина кΙиранчохь арабовла.

Ιаьмеркан эскарийн ОвхΙанистанерчу куьйгалхочо Кац Гюнтера дийцира журналисташка, шен урхалло карарчу хенахь, инцидент ерзош, бертан къамел долийна пачхьалкхарчу Ιедалца, аьлла.
XS
SM
MD
LG