ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлине веъна Керри Джон



Цхьанатоьхначу Штатийн керлачу Пачхьалкхан секретара Керри Джона дийцарш дΙадаьхьна Берлинехь Германин канцлерца Меркель Ангелица а, мехкан кхечу куьйгалхошца а. Дийцарехь дара Шемара тΙеман хьал а, ГΙажарийчоьно зарратан герз кхолларан программа кхочушъяр дуьтуш дацар а. ГΙажарийчоьнца дуьненан юкъаралло дийцарш дΙадахьа деза зарратан кхерам юхабоккхуш, элира Керрис.

Берлинехь цуьнан цхьаьнакхетар хила деза Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министрца Лавров Сергейца а. Вашингтонанний, Москоханний юкъаметтигаш шелъеллачу юкъанна нислуш ду и цхьаьнакхетар. Шемара тΙом сацорехьа Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино кечдина хьелаш Оьрсийчоьно тΙецаэцар лору Вашингтоно цакхетамийн бух. Иштта реза яц Ιамерка шайн бахархошна Оьрсийчуьра тесна дитина бераш дига дехкарна а, Оьрсийчохь адамийн бакъонаш эшош хиларна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG