ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши журналист лаьцна Iедалша ГIажарийчохь


«Магреб» газетан ши белхахо лаьцна ГIажарийчохь. ИСНА олучу меттигерчу хаамийн агенталло бинчу хаамца, журналисташ дIабигинера полицино Кхаарин дийнахь, Iедалшна хетарехь президентана Ахьмадинежад Махьмудана критика еш йолу материал язъяр бахьана долуш.

«Фарс» агенталло дийцарехь, журналисташ лийцар доьзна ду ГIажарийчоьнан хилла волчу президентан Хатами Мохьаммадан кехат зорбане даккхарца. Кху шеран Дечкен-баттахь ГIажарийчохь дIалаьцна иттех сов журналист. Царна бехке диллинарг ду ГIажарийчоьнан Iедалшна шайна дуьхьал бу аьлла хетачу кхечу пачхьалкхийн зорбанан гIирсашца зIе латтор.

РогIера президентан харжамаш хир бу ГIажарийчохь Мангал-баттахь. Цуьнца доьзна ду цу пачхьалкхехь журналисташ хьийзор аьлла хета бакъонашларъярхошна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG