ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чавесан тезета гуллуш бу пачхьалкхийн куьйгалхой


Латинан Iамеркан лидерш а, Венесуэлица доттагIалла лелош йолчу пачхьалкхийн куьйгалхой а гуллуш бу Каракасехь, кху беттан 5-чу дийнахь веллачу Венесуэлан президентан Чавес Угон тIаьххьара Iодика ян.

Меттигерчу Iедалша сацам бина иза дIа а цавуллуш вита. Тезетан церемони хиллачул тIаьхьа Чавесан дакъа 7 дийнахь латтор ду тIеман-историн музейхь, нахана гойтуш. Цул тIаьхьа а иза вуьтур ву оццу музейхь. Чавесан дакъа, молханаш а тоьхна, дита сацам бина вице-президенто Мадуро Николаса.

30 де далале Венесуэлехь дIахьура бу президентан харжамаш. 58 шо долу Венесуэлан презизидент Чавес Уго велла, вон цамгар а кхетта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG