ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхечу божаршца цхьаьна зудабер хьийзина стаг ирхоллавелла Индерчу набахтехь


Индера полицин хьесапехь 23 шо хилла студент-зудабер хьийза а дина, дерна бехке вечу пхеа стагах цхьаъ Рам Сингх ирхоллавелла Делирчу набахтехь.
Амма цуьнан гергарнаш а, адвокаташ а тешна бу, Сингх вийна хиларх. ЙоI хьийзийна автобус лелорхо вара Сингх.

Бехке озийна пхиэ а дуьхьала ваьлла бехк тIелаца. ЯлхолгIаниг, кхиазхо хиларна, лерринчу, кхиазхойн гIуллакхаш къасточу кхеле жоьпе озор ву.

Даханчу шеран ГIуран беттан 16-чу дийнахь лоьрийн дешар доьшуш хиллачу йоIана тIе а летта, хьийзийнера 6 стага. Шена хиллачу чевнех студент елира цул тIаьхьа ши кIира даьлча. ХIетахь дуьйна Индехь иккхина йоккха гIовгIа хIинца а йижаза ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG