Карарчу хенахь дуьнентIехь хиллачу хиламийн Маршо Радион а, кхечу хьостанийн а суртийн тоьшаллаш.
Дийнан битамаш

1
Нью-Мехико гIалин стигалахь гуш ю Беттан суьртаца Пан-Стар олу комета. Иза дуьххьара гучуяьлла ши шо гергга хьалха Гавайи гIайренан стигалахь. (AFP/Stan Honda)

2
Шен бераций, жIалиций лайно лаьцначу майдана яьлла Беларусин шахьара Минскера яхархо. (AFP/Viktor Drachev)

3
Апи-Перанг олу цIуйн-ламаст кхочуш деш, цIе караоьцуш ву Бали-мехкан вахархо. РогIехь тIекхочуш ду Ниепи цIе йолу тийналла кхобу де. ХIиндойн гIиллакхехь оцу дийнахь мацалла кхобу наха, доьхкуш ду болх бан, кхача кечбан, серло латон я кхидолу гIуллакхаш дан. (Reuters)

4
Къилбаседа Кереян лидер Чен Ун Ким Пэннендо гIайри тIера кхерамзалла толлуш ву. Оцу юкъанна лулара Къилба Корея а, Iаьмеркан Цхьанатоьхна Штаташ а тIеман Iамораш дIахьош ю. (Reuters/KCNA)