ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БагIдад-гIалин юккъехь диъ эккхийтар дина


Иракъан коьртачу БагIдад-гIалин юккъехь тахана чу бомба йоьллина хилла машен иккхича велла, мел лаххара а 18 стаг. Чевнаш хилла 50 стагана.
Юкъа башха дукха хан ца юлуьйтуш, диъ эккхийтар хиллера. Царах шиъ арахьарчу гIуллакхийн министраллина а, юстицин министраллина а уллехь хилла ду.
Цкъачунна цхьаммо а шайна тIе ца лаьцна царах долу жоьпалла.
Масех дийнахь итт шо кхочу Цхьанатоьхначу Штаташа урхалла а деш, Иракъе дуьненаюкъарчу коалицин ницкъаш бахана.
XS
SM
MD
LG