ХΙирийн-гΙалгΙайн конфликт икккхича шайн юьртара 22 шо хьалха бевдда мухΙажирш-гΙалгΙай юхабоьрзийла шайна ца лаьа аьлла, дΙахьедар даржийна интернетехула ХΙирийчуьрчу Пригородан къоштан Октябрьский юьртарчу бахархоша. ГΙалгΙайчохь тесна йисинчу, ледара хьелаш долчу гΙишлош чохь беха оцу юьртахь бина а, кхиина а болу иттаннаш доьзалш.
Уьш шаьш цΙехьаберзон хΙоттийначу программица а догΙуш кестта ХΙирийчу дΙабаха безаш бара. ХΙинца Октябрьскера арадаьллачу дΙахьедаро кхерам боссийна цΙехьа дог лаьттачу мухΙажиршка.