ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна дуьхьал луьйш ву Медведев



Оьрсийчоьнан премьер-министрна Медведев Дмитрийна харцо хета Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана оьрсийн махкалла тΙеэцначу францойн актерна Депардьё Жирарна Соьлж-ГΙалахь 5 чоьнах йолу петар совгΙат яр.

Ларлуш хила беза губернаторш и тайпа совгΙаташ дарца, элира цо Европерчу журналисташца ша къамел деш. «Ехха лаьтта хΙусам йоцчу нехан раьгΙнаш гΙаланашкахь, ипотека а ца нисло царна, уггаре къенаш а бац петарш схьаоьцурш, оцу хьоло нахехь протест кхиайо», - бохура Медведевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG