ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кипран кхоллам къастабе денош



Кипран Ιедало мехкан парламент пачхьалкх финансийн кризисе йоха ца йойту мехала сацамаш тΙеэцаре кхойкху. Министрийн хьалханчех волчу Христос Стилианидеса «карарчу сохьташа къастош бу мехкан кхоллам», аьлла, даржийна хаамийн гΙирсашкахула. Мехкан парламенто йийцаре йо карачу хенахь пачхьалкх кризисера йоккху маситта вариант.

Евроберто хΙитточу хьелашца а догΙуш, цо Кипрна лур дац цо доьху 10 миллиард евро, пачхьалкхана кризис эшон дезачу ахчанах 6 миллиард евро шена Кипран Ιедална карадаллалц.

Оьрсийчоьнан финансийн министра еарий дийнахь дΙахьедира, шен Кипрна юхалург дала ахча дац, къамел чекхдаьлла, аьлла. Амма премьер-министра Медведевс пΙераскан дийнахь, Кипрхошна декхар хьехош бахка шаьш шайн неΙарш цкъачунна дΙа ца чΙагΙна, бохура.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG