ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буй-тIара - Урдунехь а ю буй-тIара


Урдун -- суртдиллархочуьн Везашан сурт "Нохчийн цIерабахар"
Урдун -- суртдиллархочуьн Везашан сурт "Нохчийн цIерабахар"

Шеко йоцуш ала лур ду, дегIастанара ара бевлла Урдуне кхаьчна нохчи бахам , диаспорера кхин болу нохчашца буьстинча, нохчаллах ца бухуш дика баьхна бу. Iедало а наха а тIеIаткъмаш ца беш шайн мотт а ламасташ Iалаш дан делла бу. Делахь, бухахь болу Iаьрбашца юкъаметтигаш гал ца йолуш, жимма халонаш йоцуш дацар церан дахар.

ДегIастанара гIаш Урдуне кхаьчна нохчий гуттар марша бахна бац Iаьрбийн мехкашкахь. Дуьххьара уьш тIебаьхкича, хийра нах бу бохуш жимма халонаш а девнаш хуьлура Урдунан махкахь.

1901-чу шарахь нохчи гIаш дегIастанара дуьйна, Туркойчуьра Урдуне кхаьчнера. Заркъе гIалахь туп тоьхна, юрт йолийна, баха хевшира. Тlаьхьа, цхьаберш Сувеле гlала дIаихира. Сувеле гIалахь а, Суьхнехь а, Заркъехь, иштта Урдунан Махкахь бекъабелира.

Цу хенахь Туркойн lедал дара Урдунан махкахь. Туркойн Iедало Нохчий чIогIа lалашбора, шаьш кхуза балийнан дела а, хlара мохк шайн олаллехь болу дела а.

Хlете, Туркойн lедал доьхна Игалсан lедал хIоьттича, бухахь болу Iаьрбий, нохчий хийра нах хеташ, цхьацца тIелатарш дора нохчашна. Масала, Сувеле гIалахь Iаьрбашка, тIебаьхкина нохчи бусулбанаш бу бахарх, хийра нах бу бохуш, ара баха гIиртира. Сувеленан чухаьхкина хIуманаш йохош, нохчи lадlаш бара, "уьш бусулба нах бу, бусулбан стагах лата мегар дац. Бусулба стаг вехь, цIарга гIур ву боху дела вайн Дино."

Цхьа шиъ, йоl а нана, цу Iаьрбаша месаш тIера араийзийча, нохчи lа ца белла, арабевлла, шайгахь йолу гlожамашца а шинан тоьпаца. Вуно дукха говрашкахь болу Iаьрби юхатуьйхира цара. Цу Iаьрбаша, гIийла, герз доцу нах шаьш эшийна ца ала, дуй биира, "лаьттара кIай хIуманаш юьйхина нах бара арабуьйлуш, нохчашца шайна дуьхал тIом беш," аьлла.

Юкъ-кара тийсадаларш хуьлура «нохчийн-Iаьрбийн» олий дов. Сувеле гIалахь тIаьххьалца а хилла. Заркъа гIалахь цкъа наггахь дукха дов долий шаре а, шинан шаре долура Iаьрбаша мох ца беш, машар ца беш. Дукха хан йоццуш, Сувелехь иштта дов иккхина. И дов дIалиста гIерташ, мох бан гIерташ, цхьа кIира ду. И дов хIунда даьлла аьлла, Сувелера Асхьаб Бадродине хаьттира аса. Асхьаба хIара къамел до цу довха лаьцна.

Асхьаб: Дийцарехь, школера араяьлла йоьдуш йолу вайн йоIана Iаьрбийн бераша хичаш йина. ТIакха, тIегулделлачу вайн бераша царна йиттина, уьш лелхийна. Цу дийнахь Iабдулрахьаман бохуш, нохчи цхьа стаг дIаваьлла и дIавуллучохь хилла вайнаш, и дов хиллий ца хууш.

Iабдул Рахьиман кIентан кIант университетера цIан вогIуш, оцу Iаьрбаша юха а баьхкина, тешнабехк бина, цунна коьртах хIума тоьхна хиллера. Иза, АлхьамдулиллахI, хIумма доцуш дика ву. Цlа валийна хIинца.

И Iаьрби «ТаIамира» олуш бу. Дукхе дукха боьха хIуманаш ю. Цкъеллиг-цкъа цара нахе дехар дина дац, я нах дехаре бахийтина бац. Вайн кегийрхоша цу буьйссана гулбелла, царна хIуманаш кхуьйсуш, царна муьшкаш йича, кхерабелла, цара кхин болу Iаьрби бахкийтира. Хlинца а машар хилла бац. Амма "хьана ханна, вовшах летара дац, оха шуна тухур яц, шун тхан кIоште догIур дац" аьлла, Iаьрбаша «Iаткъава» олу цхьана ханна мохбина вайца.

И бохург, цу Iаьрбаша шайна тIе бехк лацар ду. "Аша бохучуьнан реза ду шаьш" боху цара.
Вайн кегийн наха царна кхерам таса а, вай кIезиг доций, вайн дош цхьаъ дуйла хаийта цкъа, шозза а, кхузза гулбелира. Цул тIаьхьа кхин хIумма а хилла дац. Цул тIаьхьа а нах бахкийтира цара, "Делан дуьхьа, тхуна къинтIера довла, тхоьгара бехк баьллера. Аша бохучунна реза ду" шаьш, аьлла.

Юьхьанца, ма хаьий хьуна, вайн кегий нах бохбелла , баккхийчара аьлларг дийр дац, бохуш бара. Жимма шелбелча, хьекъале баьхкина, шаьш элира цара, "вайн баккхийчара аьлларг ца дича ца довлу, воккханиг воккха хила веза, жиманиг жима хила веза".

Хlара гуттар хуьлуш хIума ду. Вайн кегий нах юьхькIам бий. Шайга догIург дий цара. Иштта ца динехьара, Iаьрбаша тIехбевла мегар. Уьш кхера белла, нах баьхкити вай IадIар доьхуш.

Маршо радио: Нохчий мох бар, тоххар дегIастанахь дуьйна хилла ду. Урдунехь болчу нохчаша вовшашлахь шинан тайпанан юкъахь дов даьлча мох бой, машар бой, чекхдоккхуш дара.»
XS
SM
MD
LG