ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Урдунера яздархойн кхеташонехь дуьххьарлера нохчийн зуда ю


Урдун - Iаьрбийн маттахь нохчийн туьйранаш яздеш йолу Бавддина Маймун
Урдун - Iаьрбийн маттахь нохчийн туьйранаш яздеш йолу Бавддина Маймун

Урдунерчу яздархойн кхеташонна юкъаэцна хьастагIа Урдунехь бехачу нохчех йолу, яздархо Бавддина Маймун. Цо Iаьрбийн маттахь яздинчу нохчийн туьйранийн жайна арадаьлла цу махкахь. Урдунера дукхах болчу нохчашна ненан маттахь къамел дан хаьа, амма кириллици тIехь долу йоза деша а, я яздан а ца хаьа. Цундела, гергарчу хенахь шен туьйранаш гоч а дина, уьш багахь олуш йолу верси арахеца дагахь ю Бавддина.

Урдунера бераш 5-6 шо хиллалц, школе даххалц нохчийн мотт бен буьйцуш ца хуьлу. Iаьрбийн цхьа масех дош бен хууш ца хуьлу. Школе бахча, юьхьанца дукха хала а хуьлу царна, амма цхьа-ши шо долуш, Iаьрбийн берашца ловзуш, лелаш, Iаьрбийн мотт Iема царна.

Цхьа масех класс яккхале, ойла ца еш ненан мотт санна Iаьрбийн мотт буьйцу, ткъа жимма нохчийн мотт гIелбала болало. Иштта и ши култура, хIор денна ши мотт лелабан дезаш хьала кхуьу нохчо Урдунехь. Iаьрбийн маттахь чIогIа говза хуьлу цхьа берш.

Масала, КIоръан дикка Iама дой кхечарна а Iама деш. Вуьшта, Iаьрбийн культурехь яздархой а байташ олурш бовлу. Амма цхьа а официала яздархо я байтанчин дарже кхаьчна вац тIаьххьалца.

2013-гI шеран Зазадоккху-баттахь дуьххьарлера нохчийн яздархо зуда официала яздархойн кхеташонна юккъе дIаязйира. Иза яра Заркъа гIалара Бавддин Маймуна. Цу яздийраш берийн туьйранаш ду, Iаьрбийн маттахь «Къисас Ал Къамар» Беттанийн туьйранаш аьлла.

Яздархойн кхеташонна юккъе дIаязйича, Заркъерачу Кавказ клубо Оханан беттан 1-чу дийнахь цунна сий деш синкъерам хIоттийнера, Урдунера Културан а Зорбанан министр вогIуш, кхин болу Iаьрбийн яздархой а байташ олурш богIуш. Ша яьккхина даржах лаьцна хIара къамел до Бавддина Маймунас Маршо Радионна.

Бавддина: БисмиллахI алрахьман алрахьим. Баркалла шуна соьца къамел дарна. Жима йолуш дийна яздар а дешар хаза хетар суна. Гуттар сан да гора суна доьшуш. Иза Дин Iамош молла вара. Гуттар доьшуш а, яздеш а хуьлура и. ЦIа жайнаш кхехьара со. Шийлачу хенахь а йовхачу хенахь, Iадда и жайнаш доьшуш кегош хуьлура со. Цу бахьанехь сан яздар а кхетам вуно чIагIбелира Iаьрбийн маттахь. Ас цхьа 7 туьйра яздина. Цу тIехь суна бакъо ели, дукха дика а хаза ду аьлла.

Нохчийн яздархочо Бавддина Маймуна арахецначу жайнин мужулт, 04Оха2013
Нохчийн яздархочо Бавддина Маймуна арахецначу жайнин мужулт, 04Оха2013
Ас хIинца берашна яздина туьйранаш. Суна хетарехь, таханалера бер, кханалера стаг а цIийнанана ду. Цундела, и бер кхета дан деза Iедалашх а гIиллакхашх а. Дин тIехь, дика муха лела деза а. Ахь туьйра дуьйцуш кхетийча, беро тIелоцу. КъорI тIехь Дала туьйранашкахул адам кхетийна хIун схьа эца деза а, хIун дика ду а, хIун дика дац а.

ХIинццалца цхьа жайна арахецна ас. Кхин долуш ду сан 50 сов туьйранаш. хIокху махкахь, жайнан зорба тухуш дукха харж йолу. Кхузахь, нохчийн берашна нохчийн културах дукха хIума ца хаьа. БIов хIун ю ца хаьа. Чуьра муха ю, стенна лелийна ца хаьа.

Хьалхалера нохчаша лелийна хIуманаш а, Iедалаш а гIиллакхаш дуьйцуш туьйранаш яздан дагахь ю со. БIов муха хилла а стенна лелош хилла гойтуш. Цул сов, Туьйранашкахул, масала цхьа кIант а йоI дуьйцуш, церан дахар а даар муха хилла бохуш яздан дагахь ю со. ХIинццалц цхьа шиъ яздина ас. 7 ма кхаьчнехь, арахеца кхечдийра ду ас уьш."

Маршо радио: Нохчийн маттахь туьйранаш яздан я ахь яздина туьйранаш коч дан дагахь юй хьо?

Бавддина: Цунах сан гIуллакх хира дац. Суна нохчийн мотт бийца хаьа, язбан ца хаьа.

Маршо радио: ТIаьхьа Бавддина елира соьга, Урдунехь дукхах болчарна нохчийн маттахь деша ца хаьа дела, и туьйранаш нохчийн маттахь кочдина, озанца дIаяздина арахеца атто хиларг дог дохуш ю ша аьлла. И цо бохург мехал гIуллакх дан ду, диапорера нохчашна хьашт долуш гIуллакх ду, шайн берашна нохчийн мотт а, ламасташ диц ца далийта.
XS
SM
MD
LG